ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Блогерна Абдурахмановна тховкIело ца елла Полшано


Абдурахманов Тумсо

Видеоблогерна Абдурахманов Тумсона тховкIело яла дуьхьало йина Полшин Iедалша. Фейсбукерчу шен пена тIехь бина и хаам блогеро. Нохчийохь лело харцонаш Iорайохуш YouTube-каналехь видеоблог ю Абдурахмановс лелош. Кадыров Рамзанан гергарчу Кадыров Исламца дов эккхар бахьана долуш вада везна иза махкара.

"Сан кехаташ луьстуш хиллачу мухIажирийн гIуллакхашкахула йолчу Кхеташоно сацамбина, суна мухIажиран статус ца яла. Делахь а, сан доьзална тховкIело елла цара", - яздо Абдурахмановс.

Шайн пачхьалкхан территори тIехь витахь, ша кхерам бохьу аьлла леринчу Полшин Къоман Кхерамзаллан рекомендацийн бух тIехь дуьхьало йина шена аьлла блогеро.

"Изза жоп деллера суна Гуьржийчохь а", - яздина мухIажиро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG