ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДIасаделлачу латтанех вистхилла гIалгIайн премьер-министр


Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанаш билгалдахарна тIекхиийна республикан премьер-министро Евлоев Зеламхас, яздо мехкан куьйгалхочун официалан сайтехь. Дуьйцург ду, шина махкана юкъара доза - Къилбехьара Цори-Ломана тIера Фартанга хитIехула, Къилбаседанера - гIалгIайн Аки-Юртара.

Нохчаша гIалгIашна дIаделла 2 эзар гергга гектар латта, оццул баоамашкахь латта Нохчийчоьнна а дитина ГIалгIайчоьно. Нах чохь беха цхьа юрт дIасаелла яц.

Юьртабахаман министро Галаев Хизира билгалдаккхарехь, официалехь Магасо Нохчийчоьнна Малгобекан кIоштара I эзар 290 гектар оху латта дIаделла. Соьлжа-ГIалано Теркйистан кIоштара лаьттан дакъа а, 600 гектар даьхнийн дежийла а дIакховдийна.

Сунжа кIоштара мехала цхьаъ йолу территори а Нохчийчоьнан далахь йитина, зайл тохар дIанисдеш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG