ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Селфи еш йоI лазийна Соьлжа-ГIалахь


Нохчийчоьнан прокуратуран хаамца, Соьлжа-ГIаларчу тоннель буьххьехь шен мобилан телефонца селфи ян гIоьртинчу 13 шо долчу йоьIан, чу а йоьжна, букъдаьIахк кагйелла. "Керланаш" агенталло Iораяьккхина и информаци.

Дас-нанас дарба дан дехьаяьккхина кхиазхо. ЙоIа а, цуьнан дас-нанас а ледарло яр ду аьлла хета прокуратурехь.

15 шо долу кIант велира стохка Соьлжа-ГIалахь, селфи ян дагахь бетонах йинчу корта тIера охьа а кхетта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG