ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIоьртина хьал хIуттуш ду Къилбаседа Кавказехь боху эксперташа


ГIоьртина хьал хIуттуш ду, Кремлан тидам тIерабаьллачу, Къилбаседа Кавказехь, аьлла хета цу регионехь хуьлург тидамехь латточу политикан говзанчашна. Цунах лаьцна яздо "Iамеркан аз" интернетан портало.

Ахчанца йоьзна халонаш хьоьгуш йолу Москох керла кепаш лоьхуш ю регионашна тIехь Iуналла дан, цу Iалашонца конфликтех пайда а оьцуш, аьлла хета эксперташна.

Москох кху деношкахь боккха къовсам дIахьош ю дуьненаюкъарчу аренехь, Малхбузенца Британехь СкрипалгIарна дIаьвше тIелатар дарх лаьцна къуьйсуш а, Гергарчу Малхбалехь Iаткъам бан шен болу аьттонаш чIагIбеш а. Амма Оьрсийчохь девнен хьелаш хIуьттуш ду.

ДIадаханчу кIиранах, Гезгмашин-беттан 17-чохь, ГIебартойн-Балкхаройчохь тасадаларш хилира чергазошна а, балкхарошна а юкъахь хилларг бахьана долуш. Канжалан олучу тIамехь (310 шо хьалха) шаьш толам баккхар даздеш бара гIебартой, амма балкхарошна ца лиира уьш шайн Кенделен эвлахула чекхбовлийта.

И конфликт бахьана долуш цу республикан куьйгалхо хийца сацам бира Москох, Коков Юрийн метта, Коков Казбек а хIоттош.

ХIокху кIиранах Къилбаседа Кавказерчу кхин а шина республикехь хилира къепедацарш. ГIалгIайчохь Нохчийчоьнна латта дIалуш ду аьлла, дуьхьалонан акце арабевллера меттигера бахархой. Магасехь полицино нуьцкъала дIасалаьхкира гулбелларш, масийтта стаг дIа а лоцуш.

Оццу дийнахь, хьалха хиллачу администрацин куьйгалхошца боьзна хилла нах дIалуьцучу Двагестанан, шина кIоштахь юкъаяьккхинера контртерроран операцин раж.

Эксперташна хетарехь, 200 сов шарах Москох сахьийзош йолу Къилбаседа Кавказ юха а дIахIотта мегаш ю, гIоьртина хьал лаьтта меттиг а хилла.

Iамеркан Пачхьалкхан Департаментан хилла белхахо а, политолог а, "Евразе кор" блоган автор а волу Гобл Пол тешна ву, Москох гIорасиз хуьлуш ю регионашкарчу хьолана Iуналла дарехь бохучух. Къаьсттина иза дика гуш ду аьлла хета цунна Кавказехь.

Путин Владимиран эшам санна го политологна ГIебартойн-Балкхаройчоьнан куьйгалхо цу республикан президент хиллачу Коков Юрийн кIант хIоттор. Цу кепара Оьрсийчоьнан президенто гайтина, цу регионехь Iедалан белахойн къоьлла хиллар.

Гоблна хетарехь, Москох йоьхна Кадыров Рамзана лелориг бахьана долуш а. Иза гойтуш ду аьлла хета цунна, кху деношкахь ГIалгIайчоьнца доза билгалдоккхуш хилларг. Кремлан дезар ду хилларг тIечIагIдан, аьлла хета экспертана. Кадыровн толам лору цо дукха хан йоцуш "Роснефтан" долахь йолу мехкадаьттан компанин акцеш Нохчийчоьнна дIаялар а.

Гоблна хетарехь, Москохна оьшуш ю регионашкара конфликташ, кхечу кепара цигара Iедалш шайн муьтIахь хилийта уьш эца аьттонаш бисина ца хиларна. Кремлан деза республикашна Iуналла ницкъаца дан.

Ма дарра дийцича, Путинна дика ца девза къаьмнийн юкъаметтигашца доьзна хаттар. Иштта и хаттар ледара довзара Горбачев Михаилна а. И бахьана долуш дуьйхира Горбачевн Iедал. Изза бахьана долуш иза хила мегаш ду Путинца а, боху Гобл Пола.

Free Russia Foundation юкъараллан эксперт а, Кавказехула говзанча а лоруш ву Соколов Денис. Цунна хетарехь, Къилбаседа Кавказехь хьал кхин а чолхечу дер ду, махкахь экономикан проблемаш хиларна. Ткъа элиташ гIоьртар ю шайна компенсацин кепехь цхьа пайда бан. Цо ахчанна гонах боккха къийсам гIаттор бу регионерчу Iедалшна юкъахь а, ткъа иштта хIора регионан чоьхьарчу элиташна юкъахь а, боху Соколовс.

Иштта бу "Iамеркан аз" портало арахецначу материалан боцца чулацам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG