ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мацаллин протест сацаяр дехна Сенцовга политикан тутмакхо Клыха


Оьрсийчохь набахтехь валлочу политикан тутмакхо Клых Станислава кехат дахьийтина кхечу хан токхучу украинхочуьнга Сенцов Олеге. "Украинан бакъдерг" газетано яздарехь, Сенцовга мацаллин протест сацаяр доьхуш, кехат яздина хилла Клыха.

"Стаса Сенцовга яздина, - дийцина Клыхан нанас Клых Тамарас. – Ас и кехат дIакхачор ду Украинан омбудсмене Денисова Людмиле а. Ша мацалла кхайкхаяле хьалха Стаса шега кехат даийтинера боху Сенцовс. Тутмакхаша тутмакхашка кехаташ дIаса ца кхачадо, цундела соьга дIатаса аьлла цо".

"Олег массарна а тIе а хIоьттина, мацалла хьоьгуш ву" яздина Клыха, цуьнан нанас дийцарехь. "Нагахь и цхьаъ цара маьршаваккхахь а, шайн дегабаам хир бац", - аьлла Клых Станислава. Сенцовн ши бер ду, церан ойла а яй, мацалла хьегар сацаде аьллачу шен кIентан дешнаш далийна нанас.

2016-чу шарахь Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело 22, 5 а, 20 шо а хенаш туьйхира украинхошна Карпюк Николайна а, Клых Станиславна а.

Цушинна бехедиллира, Нохчийчохь тIемаш бар а, оьрсийн эскархой байар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG