ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Катоххий маьршаваккха Титиев аьлла "Яблоко" партино


"Яблоко" партино дехар дина Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире, лаьцна латтош волу Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" центран куьйгалхо Титиев Аюб маьршаваккха аьлла, хаамбо партин куьйгалхочо Слабунова Эмилияс. 180 грамм марихуана яьккхина цуьнгара аьлла, бехкевеш ву Титиев. 10 шо гергга хан кхачайо низамаша цунна дуьхьал яьккхинчу артиклца а догIуш.

Бехк тIе ца лаьцна бакъонашларъярхочо. Шен машенчу полисхоша кхийсина ю аьлла, дIахьедина цо наркотикаш. Товбеца-беттан 19-чохь дуьйнна долийна цуьнан довхаттар. Левина 60 теш, царлахь иттанашкахь бу полисхой.

"Iедалан федералан органаша катоьхна шайн куьйгакIел эца везаш ву Титиев", - яздина Слабуновас Фейсбукехь.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG