Нажин-Юьртарчу виъ вахархочунна 7 шарна тIера 10 шаре кхаччалц хенаш тоьхна Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело, шина полисхочунна чевнаш а еш, тIелатар дарна. "Кавказан узел" агенталло яздира, стохка аьхка Нажин-Юьртахь динчу шина эккхийтарехь Омскера веана ши полисхо лазорах. Талламчаша дийцарехь, оцу эвларчу шовдан йисте полисхой баьхкинчу юкъанна меттигерчу пхеа вахархочо бомба эккхийтинера.
Нохчийчьурчу Лакхарчу кхело Дагаев Самиран а, Магомедов Аюбан а, Радуев Iийсан а, Хамзатов Сулимана а бехкхилар тIе а чIагIдина, ворхI шарера итт шаре кхаччалц набахтехь такха хенаш йиттина царна.
ПхоьалгIа бехкевийриг кхалхарца дуьхьал даьккхина гIуллакх дIакъевлина.