ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

С-300 оьрсийн ракеташ Шема дехьадохуш ду


Оьрсийн С-300 олу ракеташ Шема дехьайохуш ду. Оьрсийчоьнан хIаваан, космосан Ил-20 кеманца инцидент хиллачул тIаьхьа йолийна уьш дехьадаха аьлла арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс, президентан Путин Владимиран тIе а тевжина.

Лавровс чIагIдарца, оьрсийн тIеман урхалло шайн кхечу пачхьалкхашкарчу партнерашна хиллачух ма дарра дIахаийтина хIинцале а, цундела 100 процентна шайн авиацина болу кхерам дIабаккха гIерта уьш.

Шемарчу кеманашна дуьхьало латточу ницкъаша шайн Ил-20 кема дохийнашшехь, Москоха Израил бехкейо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG