Сепаратисташа доладечу Донецкехь эккхийтар дина шоьтадийнахь. Веа стагана чевнша йина кеп-кепара. Ву царлахь ДНР-н (Донецкан Халкъан Республика) куьйгалле хьалхатеттина Хакмиязов Игорь а.
Меттигерчу "политикан партин" съезд йоьдучу гIишлочохь дина эккхийтар. "Съездо шен болх берзийна, делегаташ чуьра арабовлчучу заманчохь дина эккхийтар", - хаамбо Украинерчу зорбан агенталло.
Байначу беттан 31-чу дийнахь "Сепар" олучу ресторанехь динчу эккхийтарехь вийра Донецкерчу администрацин куьйгалхо Захарченко Александр.
Сепаратистийн шайлахь хилла криминалан конфликташ бахьана долуш вийна хила тарло иза аьллера Украинан къайлахчу сервисаша. Иштта Оьрсийчоьнан къайлах сервисаш бехкехилар а юкъара ца доккхура цара.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?