ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

140 де дуьзна тутмакха Сенцов Олега мацалла хьоьгу


Мацалла хьоьгу 140 де дуьзначу Украинан режиссеран Сенцов Олеган керла сурт Iорадаьккхина Ямало-Ненецкерчу таIзарш кхочушдаран системан федералан урхалло (ФСИН). Лабытнанги гIалин дарбан цIийнехь даьккхина ду сурт. Официалан хаамашца, Сенцовн могушалла цкъачунна цхьана эшшарехь ю.

Украинан Лакхарчу Радано адамийн бакъонашна тIехь Iуналла латто векал йинчу Денисова Людмиле еаридийнахь кехат яздина Оьрсийчоьнан президентехула йолчу адамийн бакъонашларъяран кхеташонан (СПЧ) коьртехь лаьттачу Федотов Михаила тутмакхерчу хьолах хоуьйтуш.

Когаш тIехь латтарца Сенцов халонаш хьоьгуш хиларца диспансеран тергонехь латтош ву иза, ишта кху аьхка дуьйнна инфузионан терапи ю цунна хIора денна еш яздина Федотовс. СПЧ-н куьйгалхочо даредарца, "бертаза лоьрашка дарба дайта охьавуьллучу хьолехь вац иза".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG