ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Индонезехь белларш кхин а алсам хиларна кхоьру пачхьалкхан Iедалхой


Индонезехь мохбегоро Сулавеси гIайри йистехь гIаьттинчу цунамис байинчу нехан терахь де дийне кхуьуш ду. Iедалхоша хаамбарца, 832 стаг ву велларг кху сохьта. Шозза совдаьлла мохкбегийначу дийнахь дIакхайкхиначу терахьел а. Пачхьалкхан урхалхой саготта бу, белларш кхи а алсам хиларна. Генарчу берда йистерчу меттигашкара хаамаш хIинца а кхачаза бу. Эзаре хьаладер ду беллачийн терахь аьлла, тешна ву Индонезин вице-президент Калла Юсуф. Iаламан ницкъо зенаш динчу Палу гIалахь херцаршлахь лоьхуш бу балаза бисинарш. Эзарнаш бу чу баха тховкIело йоцуш. Пачхьалкхан эскархоша гIо латтош ду царна.

Гинчара дийцарехь, ялх метар лакхаяьллера цунамино гIаттийна тулгIе. Шоьтадийнахь критика йира Индонезин гидрометеорологин агенталлана, цкъа кхерам хиларх дIа а кхайкхийна, цул тIаьхьа ахсахьт даьллачу хенахь, бакъ ца динера цара шаьш аьлларг. Цундела адам кIелхьарадаккха ца кхиина аьлла, хьесап дина Iедалхоша.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG