ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ягориг юттучу меттигашкахь талламаш болийна Нохчийчохь


Нохчийчуьрчу ГихтIахь ягориг юттучу станцехь эккхийтар хиллачул тIаьхьа йоллу республикехь талламаш болийна. Транспортна ягориг латточара дIахьедарца, прокуратуран белхахоша зуьйш ду документаш а, сигнализацеш а.

Маршо Радионо хааме даьккхира, кхааридийнахь цIе а яьлла, ГихтIера ягориг юттучу станцехь кхо резервуар эккхарх.

"Кавказан узел" агенталлан информацица, пIерасканадийнахь дуьйнна талламаш болийна прокуратуран, орцан министраллан белхахоша кхерамзаллан техника муьлхачу хьолехь ю, хьовсуш.

XS
SM
MD
LG