ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нобелан совгIат лучарна юкъахь ву Iамеркан президент Трамп


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президент Трамп Доналд Нобелан совгIатан претендентийн тептаре ваьккхина аьлла, хаамбина Reuters агенталло, преми лучу комитетерчу хьосташна тIе а тевжина. Кху аьхка Сингапурехь Къилбаседа Корейн президентца Ын Ким Ченца цуьнан хилла цхьанакхетар бахьана долуш хьакъвина Трамп Нобелан совгIат ахь шина агIонан бартхилира, Къилба Корейс зарратан герз лелор сацош.

Ишта, букмекерийн зерашца, Нобелан совгIатна юкъавахийта алсам шансаш ю шина Корейн пачхьалкхийн куьйгалхойн: Ые Ким Ченан а, Къилбехьарчу лидеран Ин Мун Чжэн а. Кху шарахь масийттазза цушиннан хилла цхьанакхетарш бахьана долуш, Корейн ахгIайритIехь ира лаьттина хьал дIа малделира.

Нобелан совгIатна хьалхатеттина ву 2018-чу шарахь 300 кандидат. Reuters агенталло билгалдаккхарехь, бу царлахь "Новая газетан" коллектив а, "Мемориал" бакъонашларъяран организаци а.

Полшин хиллачу президенто Валенса Леха а, Украинан Лакхарчу Радас а билгалваьккхина Оьрсийчоьнан набахтера политикан тутмакх Сенцов Олег, цунна Нобелан совгIат догIу аьлла.

Кхечу кандидаташлахь бу Меркел Ангела а, Риман папа Франциск а, ООН-ан мухIажирийн гIуллакхашкахула волу лакхара комиссар Гранди Филиппо а.

КарабогIучу баттахь Норвегин коьртачу шахьарехь цIераш йохур ю кху шарахь Нобелан совгIат кхаьчначийн цIераш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG