ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кегийрхой гуьйранна эскаре бигар долийна Оьрсийчохь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Кегийрхой гуьйранна арме бигар доладелла Оьрсийчохь. Президентан Путин Владимиран омарца а догIуш, Оьрсийчоьнан эскарехь гIуллакх дан тIекхойкхур ву 132,5 эазар махкахо. Цхьа шо хьалха цу нехан терахь дара 136 эзар стаг. ТIеман министраллан векалша дийцарехь, арме кхойкхучу нехан терахь лахдалар доьзну ду контрактаца гIуллакх деш болчу эскархойн терахь алсамдаларца.

Цхьаболчу хаамашца, Нохчийчохь арме ваха хан йолуш ву карарчу хенахь 80 сов эзар жима стаг. Амма церах массеран а аьтто хир бац иза дан. БIаьста Нохчийчуьра цхьацца ницкъаллин структурашка гIуллакх дан хьажийначу кегийрхойн терахь дара 500 стаг ерриг а республикера. Кху шарахь и терахь мел хир ду хууш дац цкъачунна.

Меттигерчу бахархошна хетарехь, армехула чекхваьллачу жимачу стеган алсам аьттонаш бу болх каро а, ницкъаллин структурийн декъашхо хила а. И бахьана долуш къаьсттина Оьрсийчоьнан эскаран могIаршка кхача луучу нехан терахь лакхара ду Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG