ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зулам тIелацийта жима стаг хьийзийна полисхоша Нохчийчохь


Нохчийчуьра вахархо Арсанухаев Эйдазулам тIелатаца бохуш, хьийзийна меттигерчу ницкъаллин структурийн белхахоша. Цунах лаьцна журналисташка дийцина цуьнан нанас Гунашева Табарака, хаам бо Кавказ.Реалиино.

Цо дийцарехь, 25 шо долу Арсанухаев лаьцна хилла хIара шо долалуш, шен накъосташна террорхой бакъ лоруш видео гойтуш хилла аьлла. Оццу хенахь лаьцна хилла цуьнан 8 накъост а. Гунашевас дийцарехь, царах цхьаммо юкъахьакхийна хилла цуьнан кIант. Цо чIагIдарехь, ша хьийзийча а, боцу бехк тIе а ца лаьцна дIахецнера иза.

Амма Стигалкъекъа-бутт чекхболуш жима стаг юха а лаьцна Iедало. Цунна бехке дуьллуш ду, хьул а ца деш, терроризм бакъ ларар я цунна пропаганда яр. Гунашевас дийцарехь, цуьнан кIант юха а хьийзийна полицин белхахоша.

"Кавказский узело" къастийна Арсанухаев Росфинмониторинган сайто арахецначу террорхойн а, экстремистийн а цIейозана юкъатоьхна хиларх лаьцна. Цу тIехь бу, йина кхел я бина таллам а боцуш, террорхойх а, экстремистех а дIатоьхна нах, дуьйцу "Агора" бакъонашларъярхойн тобанан адвокато Сабинин Андрейс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG