Мехкадаьттан маьIданаш долу латтанаш Нохчийчоьнна дIаделла бохург харц ду, боху ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека. Цунах лаьцна цо дIахьедар дина шен депутаташца а, юкъараллан жигархошца а Нохчийчоьнца доза къасторна хьажийна хиллачу цхьаьнакхетарехь.
Евкуровс чIагIдарехь, Даьттаха эвлан дакъа Нохчийчоьнна дIалуш тидаме эцнера ГIалгIачоьнна оьшург. Оцу меттехь ду мехкадаьтта доккхучуна сацийна 19 рагIу, сегIаз алсам хиларна пайда эца мегар доцу.
Евкуровс кхеторехь, мехкдаьтта цигахь даккха гIоьртича харж алсам ер ю, пайда хуьлчулла а. Техула тIе цу 19 рагIух 16 ГIалгIайчоьнан территори тIехь дисина, тIетуьйхира цо.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!