ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчий летта Башкирин эвлахь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Нохчийчуьрчу бахархойн дов иккхина Башкирехь Баймакан кIоштарчу Темясово эвлахь кIиранан буса. Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан меттигерчу урхалло бинчу хаамца, хилларг ду могIарера дар-дацар. Цуьнан бахьана дуьйцуш дац.

Цхьаболчу Оьрсийчуьрчу зорбанан гIирсаша яздо цу хиламах лаьцна, дов даларан бехк нохчий болуш санна. Болчу хаамца, Темясово эвларчу бахархоша багийна цу эвлахь болх беш йолчу нохчийн белхалойн бригадан бахам - хIусам а, машен а, кхин дерг а. ТIелатар динчарна юкъахь цхьа стаг чов хилла ву. Цунна урс тоьхна.

Хиллачунна терго ян Баймакан кIошта вахана Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан Башкирехь векал волу Мусаев Сайдамат.

ХIинцале а кхеташ ду, хиллачух къаьмнашна юкъахь цабезам хиларан дов дан гIерта оьшуш ца хилар аьлла цо, Медиакорсеть агенталлана ша еллачу интервьюхь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG