Нохчийчуьрчу муфтиято онлайн-сервис схьайиллина хьанал сурсатех а, кхачанах а лаьцна. Нохчийчуьрчу динан урхаллан официалан сайта тIехь кхайкхам бина бусалба бахархошка, хьарам а, шеконе а кхача баарх ларло аьлла.
Туьканара оьцу сурсаташ талла аьтто хир бу цу сайта тIехь. Системо жоп лур ду "халяль", "хьарам" я "муштабах" (шеко) аьлла.