ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муцольговн цӀийнах хьаьжна полици


Муцольгов Руслан.
Муцольгов Руслан.

ГIалгIайчуьрчу юкъараллан жигархочуьнан Муцольгов Русланан цIийнах хьаьжна полицин белхахой. Ницкъаллин структурийн белхахоша шайца дIаяьхьна цуьнан ноутбук а, мобилан телефона а. Цунах лаьцна "Кавказский узеле" хаам бина ша Муцольговс.

Цо чIагIдарехь, талламаш дIабаьхьна низамаш лардон органийн белхахоша кхин а 13 республикерчу юкъараллан жигархочуьнан хIусамашкахь.

Гезгмашин-беттан 29-чохь, лаьцне кхеле а вигина, гIуда туьйхира Муцольговна, Нохчийчоьнца доза къасторна дуьхьал хьажийна бакъо елла йоцу митинг вовшахтоьхна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG