Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело бехктакхаман гIуллакх листина меттигарчу 4 вахархочунна дуьхьал долийна долу. Буьйцурш бу Аюб М., Iийса Р., Самир Д., Сулейман Х. цIарашца буьйцу нах.
Уьш бехке бина ницкъаллин структурийн белхахошна тIелетарш дарна. Суьдо бинчу сацамца, 2017-чу шарахь Товбеца-баттахь цара Ножай-Юьртан кIоштахь, телефонех пайда а оьцуш, куьйга йина бомбанаш лелхийтина, полицин белхахой а, эскархой а байа дагахь.
Цу кепара, ши эккхийтар а дина, тIемалоша чевнаш йина Омскан кIоштара Нохчийчу балха хьажийна волу полицин 2 белхахо.
Суьдо хенаш тоьхна цу нахана 7-нна тIера 10 шаре кхаччалц. И хан цара токхур ю колонехь луьрча хьелашкахь.