ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ПроУфу: Шен йоIанна кхерамаш тесна, боху Темясоворчу яхархочо


Башкири, полици. Гайтаман сурт.
Башкири, полици. Гайтаман сурт.

Башкирерчу Темясово эвлахь шаурма йохкархочуьнан нанас чIагIдо, шен йоIанна ницкъ бийр бу аьлла кхерамаш тесна бохуш. Цунах лаьцна яздо цу республикерчу «ПроУфу» интернетан портало. Кхерамаш теснарш муьлш бу дуьйцуш дац.

Гезгмашин-беттан 30-чу буса Темясовохь дов даьлла леттера меттигера бахархой а, цу эвлахь болх беш болу нохчий а.

Цхьана версица дов доладелла хилла шаурма юхкучу кхачанан хIусамехь. Оьрсийчоьнан зорбанан гIирсаша, вовшашна тIе а тевжаш, яздо цу чу хIума кхалла бахана хилла нохчий "кIоршаме бист хилла цу чохь мах бечу йоьIе, цунна тIе йий а тухуш, уьрсаца кхерамаш а тосуш".

Цу йоIа полице латкъам бина. Цул тIаьхьа социалан машанашкахь цунна кхерамаш тесна, боху цуьнан нанас. Цо дийцарехь, хIинца цуьнан йоI лечкъина ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG