ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтехь хан текхна хьехархо балхара дIаваьккхина Нохчийчохь


Illustration - blackboard
Illustration - blackboard

ТIехьа-Мартанан кIоштарчу школехь технологин хьехархо болх беш хилла Казбек цIе йолу жима стаг. Школе балха хIоьттина хилла иза, шена набахтехь яккха тоьхна хан текхна ваьллачул тIаьхьа.

Иза низам дохор лаьрра ТIехьа-МартантIехь куп тоьхначу кIоштийн юкъарчу прокуратуро, хаам бо "Сhechnya today" сайто.

Казбек балхара дIаваьккхина, цо динарг санна зулам динчу нахана хьехархочуьнан даржехь болх бар дихкина хиларна.

Белхан низам дохийна аьлла, прокуратуро административан гIуллакх долийна жима стаг балха эцна хиллачу школан директорна дуьхьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG