ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьра шена кхерам хиларх тешаш ца хилла Скрипаль


Оьрсийчоь -- Скрипаль Сергей 2006-чу шарахь.
Оьрсийчоь -- Скрипаль Сергей 2006-чу шарахь.

Британерчу Солсберехь дIовш даьлла волу Оьрсийчоьнан ТIеман министраллан коьртачу штабан коьртачу талламан урхаллан (ГРУ) эпсар хилла Скрипаль Сергей еххачу хенахь тешаш ца хилла, Оьрсийчуьрчу лерринчу сервисийн белхахоша шена тIелатар дина бохучух.

Цунах лаьцна яздо The Guardian газето, Би-би-си журналистан Урбан Маркан арайолучу "Материалы Скрипаля" (The Skripal Files) книгана тIе а тевжаш.

Британин талламан сервисо Солсберехь эцначу хIусамехь вехаш Скрипаль даиман а Оьрсийчоьнан "Первый" телеканале хьоьжуш хилла, яздо авторо.

Скрипаль реза хилла Кремло дIакхоьхьучу политикана, къобул деш хилла иза ГIирма дIалацар, тешаш ца хилла Украинин малхбалехь тIом беш Оьрсийчоьнан эскархой бу бохучух.

Книгин авторо Скрипаль ву боху "эхь доцу оьрсийн националист".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG