ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бехкатакхаман ши гIуллакх долийна нохчийн дов даьллачу Башкирехь


Полицино бехктакхаман ши гIуллакх долийна Башкирехь, Баймакан кIоштарчу Темясово эвлахь меттигера бахархой а, нохчий а латаран хьелаш къастон таллам дIахьош. Дов иккхинера Гезгмашин-беттан 30-чу буса. Цу латарехь дакъалоцуш хилла иттех нохчий а, 40 гергга башкир. Царах цхьанна уьрсан чов йина.

Конфликт хиллачул тIаьхьа Башкирера кегийрхой меттахбевллера шайн эвла балха баьхкинчу Нохчийчуьрчу бахархойн лелар ца тов шайна аьлла. Карарчу хенахь цу эвлахьболх беш бу кIоштара хьажийна полицин белхахой.

Талламо коьртачу декъана юьхьарлаьцна верси ю дов далар дахаран хьелашца доьзна хилла бохург.

Цхьана версица дов доладелла хилла шаурма юхкучу кхачанан хIусамехь. Оьрсийчоьнан зорбанан гIирсаша, вовшашна тIе а тевжаш, яздарехь, цу чу хIума кхалла бахана нохчий "кIоршаме бист хилла цу чохь мах бечу йоьIе, цунна тIе йий а тухуш, уьрсаца кхерамаш а тосуш".

ЙоIа шен вешега латкъам бина, цул тIаьхьа долуш кIорге даьлла дов.

ХIинца социалан машанашкахь цу йоIанна кхерамаш тесна, бохуш чIагIдо цуьнан нанас. Цу зудчо дийцарехь, карарчу хенахь цуьнан йоI лечкъина ю.

Болчу хаамца полицино лаьцна ву ши стаг. Урс тоьхна аьллашеко йолу нохчи а, нохчийy белхалой бехачу хIусамана а, церан машенна а цIе тесна башкир а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG