ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь мукъа де кхайкхийна ГIадужу-беттан 5-гIа


Кадыров Рамзан.
Кадыров Рамзан.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана омра дина кху беттан 5-гIа де мукъа де хиларх лаьцна. Иза доьзна ду кхушара цу дийнахь даздеш хилар Соьлж-ГIала кхоьллина 200 шо кхачар.

Цунна хьажийна даздарш хир ду ГIадужу-беттан 4-чу а, 5-чу а деношкахь. Кадыровс декхарелахь бина Соьлж-ГIалан де даздар вовшахтохаран комитетан декъашхой цу гIуллакхе доггах хьажа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG