ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен хиллачу хIусамнанна прокуратуре латкъам бина Нохчийчуьрчу вахархочо


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Нохчийн Республикан коьртачу прокуроре Абдул-Кадыров Шарпуддега латкъам бинарг ву Соьлж-ГIалара вахархо Цараев Мансур, хаам бо "Чечня сегодня" сайто. Цу стага дийцарехь, цуьнан хиллачу хIусамнанас, верасашца дага а ца йолуш, йоьхкина шайн кхиъна далаза бераш деха хIусам.

И бахьана долуш берийн дахаран хьелаш халонга девлла, боху цу стага шен латкъамехь. Иза тидаме а эцна, хIусам юхкуш бина барт харц лалар хьокъехь суьде кехаташ хьажийна Соьлж-ГIалан Старопромыслан кIоштан прокуратуро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG