ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зулам кечдеш хиларх айкхцаяларна жоьпе озийна Соьлж-ГIалара яхархо


Соьлж-ГIаларчу Старопромыслан кIоштан прокуратуро нийса лаьрра меттигерчу яхархочунна Байсултанова Залинина дуьхьал зулам кечдеш хилар хууш а долуш айкхцаяларна бехктакхаман гIуллакх долор, яздо Сhechnyatoday.com сайто.

Талламхоша чIагIдарехь, цу зудчунна хууш хилла шена вевза стаг интернетехь терроре кхойкхуш посташ хIитто дагахь хилар. Амма цо Iедалшка ца хаийтина и стаг зулам кечдеш хиларх лаьцна.

Байсултановас иза ца дар бахьана долуш, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахошна тIелатар дина, ткъа интернетехь терроре кхойкхуш йозанаш дитина стаг вийна, бохуш чIагIдо талламхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG