Магасан кIоштан кхело, чохь яккха 12 де хан а тоьхна, чувоьллина ГIалгIайчуьра ши вахархо. Цу шинна бехке дуьллуш ду бакъо йоцуш дIаяьхьначу митингехь дакъалацар.
Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан ГIалгIайчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо бинчу хаамца, 30 шо долу Нестеровское эвлара вахархо а, Экажевора 32 шо долу вахархо а лаьцнера полисхоша Магасан го олучу меттехь хиллачу дуьхьалонан акцехь. И акци хьажийна яра Нохчийчоьнца доза билгалдоккхуш ГIалгIайчоьнан куьйгалхоша бинчу бартана дуьхьал.