ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн депутаташа бийцарe бина Нохчийчоьнца доза къастош бина барт


Магасера ГIалгIайчоьнан Iедалан гIишло.
Магасера ГIалгIайчоьнан Iедалан гIишло.

ГIалгIайчоьнан парламентан депутаташ а, юкъараллин жигархой а цхьаьнакхеттера республикан дозанаш билгалдахаран комиссин декъашхошца. Гулбеллачара дийцаре дира Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъахь доза къастош бина барт.

Комиссин декъашхоша, шайн коьртехь гIалгIайн премьер-министр Евлоев Зялимхан а волуш, гулбеллачарна елира бинчу балхах лаьцна царна хаа лууш йолу информаци.

ГIалгIайчоьнан парламентехь хаам бина, и хаттар дийцаре дар дискуссин чулацам болуш хилла хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG