ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Башкирин Кондопога" я кIезиг хIуманна тIехула иккхина дов"


Нохчашна а, меттигерчу бахархошна а юкъахь Башкортостанехь иккхина конфликт саццаза юьйцуш ю хIинца а.

Башкортостанерчу зорбанаша хаамбарца, масех белхалочо киоскехь шаурма юхкуш йолу йоI сийсазъяьккхича, гIаьттина ду дуьйцу дов. Зудаберана тIехIоьттинчу цуьнан вешина а, вешин доттагIашна а йиттина хилла нохчаша. Оцу хьоло дарбинчу бухарчу бахархоша цIетесна ягийнера нохчашна ханна чохь Iен елла хIусамаш а, церан машенаш а. Оцу вовшахтасадаларехь гайх урс тоьхна чевнаш йина цхьахволчу меттигерчу вахархочунна. ШолгIачу дийнахь полицино дIалецира инцидентехь дакъалаьцна иттанашкахь эвлара бахархой а, шиъ тIевеана белхало а.

КIирандийнахь эргIадбахначу Темясоверчу а, гонахарчу ярташкарчу а, Уфара тIетаттабеллачу наха а, Баймакаца лулахь йолчу кIошташкарчу къаьмнийн организацийн векалша а го лаьцнера Баймакерчу полисхойн декъан. Цигахь латтош хиллера летаршкахь лецнарш. Масех бIеннашкахь гулбеллачара лецнарш катоххий маьршабахар тIедожийнера. Церан лаам кхочуш ца бича ца бевлира полисхой.

Баймакехь хиллачу политико Дильмухаметов Айрата шен Фейсбукан агIонехь хаамбира, ницкъаллийн структурийн белхахой а, Башкирин юкъараллаш а декъехь а йолуш, кIоштан администрацехь оршотдийнахь хиллачу кхеташонехь барт хилла, бехкеберш жоьпе озор бу аьлла.

- Летарш хиллачу территорин куьйгалле а, конфликт иккхича жигара ца хиллачу полисхошка а жоп доьхур ду. Вайн кегийрхошна бехкаш дохкийла яц. Вайн къомана деза хета латта Iалашдеш хилла уьш. Карладоккху, Темясово – Валиди Закис а, цуьнан агIончаша а кхоьллина Башкирин автономин дуьххьара хилла коьрта шахьар ю. Вайн къонахийн цIий Iаьнна латта ду хIара. ТIебаьхкинчарна вайн истори йицъеллехь а, вайн къомо дераллица дагайоуьйтур ду, - дIахьедина Дильмухаметовс.

Башкортостанан чоьхьарчу гIуллакхийн миинистраллан пресс-гIуллакххоша дIахьедарца, меттигерчу вахархочунна урст тоьхначунна дуьхьал бухкзуламан гIуллакх даьккхина. Урс тоьхнарг шеконашца лаьцна ву. Ишта хаамий гIирсашкахь дийцарехь, киоскчохь болх беш хиллачу йоIе маьттаза лийначунна 10 дей, буьйсий чохь даккха тоьхна.

Оцу юкъанна, цIетасарна бехкевина меттигера вахархо а жоьпалле кхайкхина. Оьрсийчоьнан Зуламан Кодексан 167-чу артиклца ("ЦIе а тесна, хуъушехь бахам хIаллакбар, я багор") бехк дуьхьалбаьккхина цунна. Чоьхьарчу гIуллакхийн урхалло "кIезиг бахьанашна тIехула иккхина дов" ду аьлла, билгалдаьккхина хилларг.

Шегахьара республикерчу прокуратурано дIахьедина, полицино талла долийна бехкзуламан гIуллакхаш зер а, церан хиндолу жамIаш а шен тергоне эцна шаьш аьлла. Темясоверчу карьерехь кварцит доккхучу "Корунда" организацин белхан гIуллакхах а талламаш болийна прокуратуран белхахоша.

Республикерчу информацин МКСЕТ портало хаамбарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Башкортостанера векал Мусаев Сайдамат а тешна ву, Баймакан кIоштахь иккхина конфликт данне а доцчу бахьанца нисъелла аьлла.

Ткъа бIостанехьа ду Башкирин къаьмнийн организацийн векалшна хетарг. Темясовехь хилларг "къаьмнашна юкъахь иккхина конфликт" ю бохуш, дуьйцу цара.

- Тхо Темясове даьхкича, меттигерчу бахархоша дийцира тхоьга, юьхьанца дуьйнна нохчий чам боцуш, сонталлица лелара бохуш,- дийцина "Idel.Реалии" портале "Башкорт" организацин куьйгалхочо Габбасов Руслана. – Зудаберийн кочаоьхура уьш, меттигерчу бахархошка кIоршаме къамелаш дора цара. Цу сарахь а ишта доладелира дов. Цкъа и йоI сийзайинера цара, цул тIаьхьа башкирашна лен боьвллера. Цу кепара конфликт кху кIоштахь дуьххьара хилла ма яц, аьлла жигархочо.

Бехкеболчу массарна а таIзар дан догIу аьлла хета Башкирин юкъараллана, дIахьедина Габбасовс.

- Башкирера цхьана вахархочунна зен ца хуьлуьйтуш, цу конфликтехь бехке мел хилларг жоьпе озор тIедожадо оха. Меттигера бахархой аьшнаш бинарш а, низамехь йоцу бизнес латтийнарш а, и дерриг а могуьйтуш Iийнарш а, берш бехке бу. Нохчий шайн цIа баха беза, ткъа кIоштан куьйгалхочо а, полисхойн декъан хьаькамо а шаьш дIалецна даржаш дита деза, аьлла ю жигархочун дог-ойла.

- Оцу тасадаларшкахь хилларш юьхьарэцна, ойла йича – къаьмнашна юкъара дов ду хIара, - аьлла, Габбасовс бохучунна тIетов кху деношкахь Темясовехь хилла "Башкирин къоман конгресс" организацин куьйгаллан декъашхо, "Уфах" хьостан редактор Рахматов Рамиль а. – Ала догIу, цхьа халкъан тоба бухарчу Iедалхоша гIо а ца лоцуш йолалуш яц. Цундела хиллачух жоьпалла царна тIехь а ду.

Оцу юкъанна "Idel.Реалии" портало хаттам бинчу эксперташа уггар хьалха билгалдоху конфликт эккхаран социалан-экономикан бахьанаш.

- Темясовехь хиллачо гойту масал – республикерчу Iедалан чоьхьара политика йоьхна хилар ду, - аьлла хета политехнологна Потылицын Андрейна. – Башкирин Зауральехь хуьлучу социалан-экономикан, политикан деградацино дохьу жамIаш ду хIорш. Регионехь гобаьккхина белхазалла ю; Къилбаседанехь белхаш лоьхуш махкара дIаоьхучийн терахь уггар а лакхара гойту цигахь. Республикерчу программица а догIуш, Зауралье кхион миллиардашкахь делла ахча стенга хьажийна ца хаьа, къола дина. Эзар белхан меттиг хуьлуьйтур ю аьллера, амма тахана а цхьалха даьлла гIуллакх дац. Оцу хIоьттинчу хьолехь меттигерчу Iедалхоша бахархошна кхачош хIумма а дац, царна тIера цIока яккхар доцург. Къам тесна ду, ма дарра аьлча, юккъерчу оьмарехь хиллачу низамашца бехаш бу нах.

Iедалхоша пайда боцчу хIуман тIехь иккхина дов ду бахахь а, ишта дац иза. Я ерриг а къаьмнашна юкъахь нисъелла конфликт ю эр дацара ас. Цкъа делахь, меттигерчу Iедалхойн ницкъаллийн структурийн белхахошца йоьзначу коррупци тIехь а, йоьхначу къепенна тIехь а йолаелла "мухIажирийн" конфликт ю хIара.

- Суна а хета хIара дов дош дашера даьлла иккхина ду аьлла, цхьана а кепара къаьмнийн цабезамца а доцуш, - боху эксперто Габдрафиков Ильдара. – Цу кепара конфликташ тIаьххьарчу шерашкахь дукха нисло Оьрсийчохь - Кондопога, Къилбан Бутово, схьаоьцур вай тхан Белорецкан кIошт а цхьана. Бухера дуьйнна теллича, цуьнан бахьанаш -белхазалла, адамийн мискалла. Ткъа цу дерригено а къаьмнашна юкъарчу конфликтан кепе доккху хилларг. Амма со тешна ву, Башкортостанехь къаьсттина нохчашка цабезам бу бохург бакъ дац аьлла.

Оцу хиламо юха а гойту, вайн пачхьалкхехь мел тесна ду къаьмнашца юкъаметтигаш лелоран хьал меттигерчу тIегIанехь - эвлахь, микрорайонехь, уьйтIахь, доцца аьлча, адамаш вовшашца хабаре бовлучу меттигашкахь.

Вай даим а хьехарш до, мел оьшуш ду денна кеп-кепарчу диаспорашца гергарлонаш тийсар, цаьрца юкъарлонаш латтор, мел ладаме ду даим а царна хетарг зер, амма, халахеташ делахь а, оцу рекомендацешка Iедалхоша дукха хьолахь ла а ца дугIу, я церан чулацам бовза а ца гIурту.

Текстан автор Асафьев Артур, гочдар Димаева Лизин

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG