ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Скрипаль ямартхо а, боьха Iума а ю аьлла Путина


Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир.
Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир.

Оьрсийчоьнан тIеман министраллан коьртачу штабан коьртачу талламан урхаллан (ГРУ) эпсар хилла Британин талламан сервисан агент Скрипаль Сергей "даймахкана ямартхо" а, "боьха хIу а" ю аьлла Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Москох энергетикан форумехь дискусси дIахьош жоп делира цо Скрипальна дIаьвше тIелатар дарца доьзна Оьрсийчоьнна дуьхьал юкъаяьхначу санкцех лаьцна хаттарна.

"Цхьаболчара Скрипаль бакъонашларъярхо иза волуш санна хьехаво. Иза могIарера шпион, дамахкана ямартхо ву", - аьлла Оьрсийчоьнан президенто. Цо аьллачунна реза хилла тIараш туьйхира гулбеллачара. Путинна дийцарехь, Скрипальна а, цуьнан йоIана а гонаха иккхина шпионан дов "леррина марсадоккхуш ду".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG