ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Митингашкахь ца къастадо дозанаш"


ГIалгIайчоьнан Iедало кхойкху мехкан бахархой Нохчийчоьнца долчу дозанех лаьцна дечу къамелашкахь оьзда хилар. Парламенто билгалдоккху, лаьттанаш къасторца долу гIуллакх пачхьалкхо бакъо еллачу хьукматийн карахь хилар, митингашкахь луьстуш дацар. Оцу хьокъехь документ арадаьккхина Республикан Халкъан Гуламо.

"Интернетехула йоккхуш ца хуьлу нийсо а, низамаш а, ца хуьлу къастош я гуламашкахь а. Оцу гIуллакхна тIебехкина бу шайнначул бакъонаш карахь йолу профессионалаш", - боху парламенто ша баржочу кхайкхамехь.

Дозанех ден къамелаш тIех дестийна дуьйцу, депутаташна сов боккха тIеIаткъам бо хьал ма-дарра девзаш а боцчу бахархоша, "деструктивехь, агрессица хьал луьстучара" телхачу кхачош ю махкара къепе, боху документо.

ГIалгIайчуьрчу цхьаболчу жигархоша шайн кхайкхамашкахь бехкедо ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а Iедалш цара доза къастош хийцина лаьттанийн барам цхьатерра бац, гIалгIашна эшамбина, бохуш. Цкъачунна Iедало дозанаш, Теркан раьгIнашца лаьтта оханийн асанаш шина махканна дехьа-сехьа ялар доцург, хийцина дацахь а, дуккха а латта ду ГIалгIайчоьнера дIадоккхур долуш, дуьйцу жигархоша бахархошка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG