ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

2013-чу шаре охьаяьлла Путинан рейтиг


Путин Владимир.
Путин Владимир.

Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире тешам хиларан рейтинг охьаяьлла 2013-чу шарахь хиллачу тIегIантIе. Иза гойтуш бу социологаша бина талламаш. Гезгмашин-баттахь 58% Оьрсийчуьрчу бахархоша къобулдора пачхьалкхан куьйгалхочо дийриг.

Цунах лаьцна хаам бо "Коммерсанто" "Левада-центро" бинчу талламна тIе а тевжаш. Путинах теша мега дац аьлла хетачу нехан дакъа алсамдаьлла 13% кхаччалц.

Мангал-баттахь "Левада-центро" арахийцира ша бинчу талламан жамIаш. Царца а догIуш, 51% респондент лууш вара 2024 шо чекхдаьлча а Путин мехкан президент хилийта.

Говзанчаша дийцарехь, Путинан рейтинг охьаяьлла, пенси тIетохарх лаьцна низам тIеэцначул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG