ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Хенан йохалла Iедало шеггара хIиттийна дозанаш ду уьш"


Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъахь хиллачу конфликтан духе кхион гIерта эксперт Малашенко Алексей

Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан куьйгалхоша латтанаш хуьйцуш, бертан куьйгашяздина кху деношкахь. Оцу документца а догIуш, республикашна юкъахь цхьатеррачу барамашкахь хийцина, шена тIехь бехаш нах боцу Теркйистан а, Малгобекан а латтанаш. Кадыров Рамзана дIахьедина, бинчу берто "тIадам буьллу" Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанех лаьттинчу дийцаршна аьлла. ГIалгIайчохь протесташ ю дIахьош.

Маршо Радион "Настоящее время" проекто хаьттира политологе Малашенко Алексейга, хIун бахьанаш дара цу дозанийн хIинцца йист яккхар аьлла.

- Со кхи дIоггара тIекхуьуш вац оцу гIуллакхна. Цхьа хIума ду, и дийцарш 1992-чу шарера схьа дуьйнна лелаш дара. Ткъа кIорггера дийцича, 1929-чу шарахь Нохчийчоьнан Автономи кхуллучу заманчохь, цул тIаьхьа Нохч-ГIалгIай, со гал ца ваьллехь, 1934-гIа шо ду-кх иза. Цул тIаьхьа 1944-чу шарера 1957-чу шаре кхаччалц хьехош дацара. Хенан йохалла Iедало шеггара хIиттийна дозанаш ду уьш, ма дарра аьлча.

Цхьана бахьанашца Iедалхой и проблема ерзон гIерта. Вайна дика дагадогIу 2013-чу шарахь латтана тIехула герзашца вовшахтасадаларш хилла. Суна хетарехь, федералан Iедалан хьашто ю, цигахь дозанаш ца хилийта. Оьрсийчоьнан Федераци ма ю иза. ХIун ира пачхьалкхан дозанаш хуьлийла ду цигахь? Цхьа а доцург ма ду и.

- Дозанаш бахьанехь регионашкахь, ишта Къилбаседа Кавказехь а лаьтта цакхетамаш катоьхна дIабаха беза, тIейогIучу хенахь конфликташ ца хилийта олийла дуй?

- Лакхара дуьйнна цхьа бакъо, я цхьа хьехар ца хилча, хIара дерриг а гIаттийна хир дацара аьлла ю сан ойла. Хир дацара хIара дийцарш, дIахьедарш…Оьрсийчохь мукъна а хьал цхьана эшшарехь латтийта, Москохна лууш санна хетало.

Делахь а гуттар ца нисло царна ма хетта. Мухха делахь а, хIоьттинчу ситуацехь шен агIонгахь конфликт хилар, кхи йоккха яцахь а, делахь а, Къилбаседа Кавказ ма ю иза, вайна массарна а дика хууш ду, и конфликт оьшуш йоцийла. ХIокху заманахь оьшуш хIума ца хила а тарло хIара.

- Я къастийна кеп бIегIийла йоцуш хилла те? ГIалгIайчоьнан бахархошца мукъна а дийцаредан дезаш хиллерий-те?

-Цкъа дийцина а ма ца Iа хIара, шозза, кхозза дийцина а ма ца Iа..

- Муьлхха а дийцаршдар Евкуров Юнус-Бека дIатоьттура, я инициатор а вац иза аьлла хетало. Ишта дуй и, я дац?

– Хьо бакълоь Кхузахь хаттар кхоллало: хьан хьехна, иркарахIоттийна хилла иза, хIокху гIуллакхан йист хIинцца яккха еза аьлла? Цунна тIе бехкаш дохкуш сайна хезча, хIораммо а ша цуьнан метта хIотто везара олий хета суна. Иза президент ма ву, вайна ма моьтту атта а ма дац оцу республикехь, хууш ма хиллара, динца долу хьал а цхьана.

Ойла ехьа, баккхийчу хьаькамаша шена цхьаъ тIедиллича, цо хIун дан дезара? "ХIан-хIа" эр дара цо? Цуьнах гIуллакх хир ма дац, таханалерачу Оьрсийчохь муххале а. Цундела кху ситуацехь ас бехкаш дохкур дацара Евкуровна. Цо дIахьош ерг говза политика ю. ХIуммаъ а атта дац цунна. Цунна дуьхьалверг Москохан дукхавезарг ма ву. Кадыров Рамзан ма ву оцу дозанашца бала берг, цо даим а билгалдоккхуш ма ду, хIара дика ду, хIара башха ду бохуш. Тидаме эцахьа, Нохчийчохь кхи башха комментареш еш ма яц дозанаш дуьйцуш.

- Я кхи башха дийцарш деш а дац цунах.

– Нийса ду. Ишта хила дезаш дарам- ишта нис а дина. Ткъа кхиндIа дерг техникан проблемаш ю. Кху хьолехь, Евкуровх сан дог лозу аьлча а, со цунах дика кхета.

Материалан автор Олевский Тимур

Хьенан бехкенна хилла Нохчийчохь "Хьалхара тIом"?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG