ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эльдерханова Зайнап. Яхъелла Херо


Эльдерханова Зайнап

Яхъелла Херо

...Юха а еара иза школе, цIахь, стоьла тIехь шен ручка а йицйина. Сихъеллачохь. ХIинца дуьххьара юьтуш а яцара цо иза.

Цуьнан ирс доххал хIума дацара иза-м! ХIинца, классера массарал диканиг ву, каралаьцна Iаьржа дипломат а йолуш, схьакхача везаш. Йицлуш хилар а хIумма а дац. Ручка-м шайн классерчу зудаберашкара йоккхур яра. Уллехь хиъна Iаш иза велахь а, цуьнга цо цкъа а, хIумма а йоьхур а яц.

Цхьана парти тIехь, йистехь, хиъна Iаш дара и шиъ, иштта цхьаьна, дуьне мел ду хиъна Iийр ду а моьттуш. ЙоIа шен ойланехь зил хьаькхна, юккъехула «екъна» яра парта. Цул тIаьхьа дуьйна оцу зилана, цуьнан «империн» дозанал дехьаяларх ларлуш яра иза. И къиза зилаш… Цунна ма ца хаьара, уьш шаьшиннан кхолламаш хербеш, шайна юккъе хIоьттина лаьттар буйла, цара хIара дуьне шайна шина декъе доькъур дуйла.

ХIинца уьш уьтталгIачу классехь бу. Арахь бIаьсте ю. БIаьсте лор ю-кха. Белхьамо йойна х1ума санна, тойо цо синошна йина чевнаш. Дукха хан яцара кхоларш лаьттина а. Де къагийна ду Iалам. Класс серлайоккхуш хьаьжна малх.

ЙоI сочинени язъеш Iара, ткъа кIант корера пардош дIасатуьттуш, малх йоIана тIе боьгIуьйтуш, цуьнга шен йоза чекх ца доккхуьйтуш, ловзавуьйлу. КIантана шега схьахьажийта лаьара йоI. Ткъа иза шен тетрадана тIе а йогIаелла Iара. ЙоIа ца ловра цуьнан хьажар, бIаьргаш. Дуьнен тIехь массарал а дикачуьн бIаьргаш лан хала дара цунна…

Де чекхдала герга дара. КIентан костоман белша тIехь пена тIера тIебаьлла кир го цунна. Иза дIабаккха хьалаайаделла куьг сихха сацадо йоIа. Классехь цхьанна гинехь?! Ма эхь дара иза! Чекхдели. ДIадирзи, ца гуш. Цхьадика, цунна-м иза хуур а дац!

ШолгIачу классехь, шеран юккъехь дара иза, церан 2-чу «А» классе веача. Куьг, лазийна, дIадихкина дара цуьнан. Хьехархочо куьйгах дерг хаьттича, вилспетан аьчкаша лазийна, элира кIанта. ЙоIанна эццахь къахийтира цьунах.

Денош сиха уьдура дIа, ткъа аьхкенан каникулш кхин а сиха а кхочура, еха а хуьлура. ЙоIанна ца езара уьш. Цара къастар дохьура. Церан школехь а иза цхьаъ яр-кха каникулш цаезарг.

Школехь тIаьххьара бал. И шиъ цхьаьна хелхадоккху. Классехь болчу накъосташна лаьара и шиъ цхьаьна хелхадолийла. Церан ирсечу хенан ирсе миноташ яра уьш. Хьалхара экзамен оьрсийн маттехула яра. Хьехархой арабевлла минот ларйой, кIанта шена гIо доьху.

Сочинени язъян лууш я хууш вац иза.

Экзаменаш а чекхйовлу.

Дешаран шераш а дIадовлу.

КхидIа царах болу дагалецамаш бен бац.

ЙоI школера арайолу.

Шена тIаьхьа цхьаъ уьдуш хетало. Улле кхочу иза, цунна дуьнен чохь «массарал дика» хетарг. Иза жималла яра. Церан зама а, церан шераш а цIена дара. Дуьненахь мел долу дош, аз кхачаделира кIантана оьшучу минотехь.

Иза вист ца хилира. ЙоI, Iодика а йина, дIаяхара. Цул тIаьхьа шераш дIаихира. Уьш кхин вовшийн ца гуора. КIантана дуьне доккха дуй хиира, ткъа йоI шен хIусамехь, юьртахь яра. Иза дагалецамашка йоьдура, чуьра ара яларан метта. БIаьргаш къовлура.

Дуьхьал хIуттура шайн класс. Цунна кIант гуора. Иза юха а уллехь вара. Хьалха санна, хьоме а. ЙоI цуьнца къаьстина яцара я цо маццах парти тIе хьаькхна зил царна новкъа а бацара. ЙоI хьоьжуш яра горгали бекаре… яхъелла херо а йохош, рогIера урок йолаяларе. ТIаккха цо, цуьнга бен йоьхур а яцара шена ручка.


XS
SM
MD
LG