ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ялх стаг кхелхина Малайзехь кхиазхо кIелхаьрваккха гIерташ


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Малайзин орцаллин сервисан 6 белхахо кхелхина карьер хиллачу меттехь гучубаьллачу Iома чу вахана кIант кIелхаьрваккха гIерташ.

17 шо долу кхиазхо вайна хилла де хьалха, цу Iома йисте шен накъосташца чIерийн леца вахханчохь.

Меттигерчу Iедалша динчу дIахьедарца, орцанхой кӀуркӀмани юкъабахана хилла. ЦIеххьана хи хьадарна цхьаболу гIирс байна хилла цера. Орцанхой вовшех бихкина хилла, оьшуш болу кечамаш бина хи чу бевлла а хилла. Амма церан аьтто ца баьлла хи чура хаьалабовла.

Эххаре а хьалабаха аьтто баьлча уьш белла карийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG