ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Магасехь дIайоьдуш ю дуьхьалонан акци

Магас. Архивера сурт.
Магас. Архивера сурт.

ГIалгIайчохь дIайоьдуш ю Нохчийчоьнца латтанаш хийцарна дуьхьал хьажийна акци, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо. Иттаннаш бахархоша Магасехь буьйса яьккхина республикан парламентана хьалха. Меттигерчу бахархоша кхача а, йовха хIуманаш а еана цу нахана.

Еарин сарахь ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека кхайкхам бира акцин декъашхоша, майдане баьхкина баккхийн нах а, бераш эций, дIасадовла аьлла.

Хьалхо дуьхьалонан акци сацаяхьара аьлла, кхайкхам бинера Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

XS
SM
MD
LG