ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен хIуьнарех шеко ерш Къилбаседа Кавказе кхайкхина Росгвардин хьаькамо


Золотов Виктор.
Золотов Виктор.

Росгвардин куьйгалхочо Золотов Виктора официалан дIахьедар дина Москох ЦIен майданахь эккхийтар дан дагахь хилла стаг ша дIалацар хьокъехь. Ша иза дина бохучух шеко йолу нах Къилбаседа Кавказе кхайкхийна цо.

Кхаарин дийнахь Москох полицино лаьцнера 41 шо долу Приморьера вахархо Шалай Дмитрий. И таг ЦIечу майдана вала гIоьртинера шен машенахь, амма полицино ша сацийча кхерамаш теснера цо, шен машена чохь йолу газан баллон оьккхуьйтур ю ша аьлла. Зорбанан гIирсаша яздарехь, цу стага доьхург дара президентца Путинца я Росгвардин хьакамца Золотовца ша цхьаьнакхетийтар.

ТIаьхьо федералан хаамийн агенталлаша а хаам баржийра, Шалай лаьцнарг ша Золотов вара аьлла. Амма дукхахболчу комментаторша шеконе диллира иза, хилларг леррина хIоттийна сурт дара аьлла.

ХIинца цу нахе шеца Къилбаседа Кавказе дуьйла, боху Золотовс, ша куьйгалла дечу эскархоша "хIора денна террорхойн банд-формированеш" совцорехь дакъалоцуш йолчу". Иза яздина ду Росгвардин сайта тIехь арахецначу дIахьедарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG