ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох пикет дIаяьхьна Хасаевн гергарчара


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Екатеринбургехь стаг вийна аьлла, бехке веш волчу Хасаев Мовсаран гергарчара пикет дIаяьхьна Москох федералан талламан комитетана хьалха. Цара чIагIдарехь, Хасаевна дуьхьал кхоьллина бехктакхаман гIуллакх бух боцуш ду.

И бахьана долуш Хасаевн гIуллакх таллар Москохарчу коьртачу апппарате дIадалар доьху акцин декъашхоша.

Кху шеран Дечкен-баттахь, Устрада-гIала а баьхкина, меттигерчу ОБОП-н белхахошца цхьаьна лаьцна дIавигина Хасаев Мовсар. Цуьнан гергарчара а, беза-бевзачара а чагIдо, и жима стаг цкъа а Екатеринбургехь хилла вац бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG