ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евкуров: "Ас доьху шуьга са цагатдар..."


Хиллачу бартна резабоцчара Магасехь хIоттийна митинг,ГIадужу-беттан 4 гIа де
Хиллачу бартна резабоцчара Магасехь хIоттийна митинг,ГIадужу-беттан 4 гIа де

Iедалхойн дIахьедарша дегайовхо ца ло гIалгIайн протестхошна

Садовская Алена

Нохчийн, гIалгIайн дозанна гонах кху тIаьххьарчу деношкахь гIоьртина лаьттинчу хьоло эххар а ГIалгIайчохь алу теси.

Еарин Iуьйранна дуьйнна республикерчу администрацин гIишлонна гергахь гуллуш бара махкахой. Бакъдерг аьлча, мехкан Iедалхойн комплексна дуьххьал лаьттачу "Алания" майдана кхача аьтто ца белира церан, полисхоша голаьцна хиларна.

Майданна гена доццучохь куп туьхира бахархоша. Оцу юкъанна Зязиковн проспектехула кхарах схьакхета Iалашонца йогIура кхи цхьа адамийн тоба а. Юьхьанца бIеннашкахь бара уьш.

​Несарара Магасе боьду некъ къевлина боллушехь, кхаарин суьйранна дуьйнна республикехь интернет дIаяьккхинера, ткъа мобилан зIе схьалуш, лахъеш латтийра. Белхан хан йолалаучу заманчохь эзарнашкахь бара гулбелларш, кеп-кепарчу хьостийн зерашца, 5 эзарна тIера 10 эзаре кхаччалц дара терахь.

Нохчийчоьнна латтанаш дIадаларх бина барт цу дийнахь ГIалгIайчоьнан парламенто тIечIагIбеш бу аьлла, къайлах кхаьчна информаци бахьанехь гIаьттинера халкъ.

Ткъа ша барт а бара юьхьанца дуьйнна къайлах бина, гIалгIайн депутаташна а ца хоуьйтуш. Ткъа уьш берриг а ца хиллера оцу сацамна тIетан кийча. Жигархоша хаамбора, депутаташна Iаткъам беш хилла, бинчу бартана тIета бохуш.

Еаридийнахь хIоттийна дуьхьалонан акци депутатийн агIо лаца лаамца кхайкхийнера.

​Делахь а, 10 сахьт 43 минот яьллачу хенахь пачхьалкхан информацин ТАСС агенталло дIакхайкхийра, мехкан куьйгалхочун Евкуров Юнус-Бекан пресс-гIуллакххошна тIе а тевжаш, гIалгIайн парламентан депутаташ тIетайна шина куьйгалхочо куьйгашяздарна аьлла. Агенталло дийцарехь, 25 депутатах 17 куьйгаш айдина хилла, 3 дуьхьал, биссинарш тапъаьлла Iийнера.

Цул тIаьхьа гулбеллачаьрга вистхила дагахь араваьллачу масех Халкъан гуламан депутато дIахьединера, шаьш кхеташ дац, и харц информаци муха кхаьчна шуьга аьлла.

Церан хаамашца, кхеташонехь дакъалоцуш хилларг 24 депутат ву, царех 15 шаьш дуьхьал ду аьлла, 4 шайн бюллетенеш хIаллакдина, резахилларг 5 депутат ву.

​Оцу юккъехула лелаш кхи информаци а ю. Дийцарехь, кхаьжнаш таса хIоттийна яьшка лачкъийна хилла Халкъан гуламан шина депутато - Светличный Василийс а, Бружев Iабдул-Хьамида а.

"Кавказ.Реалии" портале дийцинера цунах оцу меттигехь хиллачу журналисто Евлоева Изабелас. Информаци бакъхиларан кхи тоьшаллаш дац.

Кхаьжнийн жамIаш тIехь харцо лелийна аьлла, тешна ду къам а.

Дуьхьал ду шаьш аьллачу, кхаьжнаш тесначаьрга шайна дуьхьал а дуьйлий, шайца къамел де аьлла, тIедожийнера депутаташна гулбеллачара.

Хьаххинчуьра аьлча, халкъана дуьхьалхIотта дагахь хиллера Евкуров ша а, амма гулбеллачийн реакци кеп-кепара хиллера: цхьаболчара маьхьарий детташ, цхьаммо пластикан даьсса шишанаш тIелестийнера, мехкан куьйгалхочун хадархоша герз диттира хIаваэхь хича ярна дуьхьал. Вада дийзира Евкуровн, ткъа герзаш деттачу хенахь яьккхина видео яржийра социалан машанашкахула.

​Делкъанна сахьт даьллачу хенахь адамаш гулделлачу меттиге гIанташ къоьхьура, баккхийчарна лерина, цаьрга садаIийта. Делкъан ламаз а циггахь дира. Даккхий четарш хIиттийра, дIасабоха дагахь бацара гулебелларш.

Юург а цигахь яа бартхилира церан, ца хIуьттура уьш дIабаха а, дийцина "Кавказ.Реалиига" "Оьрсийчуьрчу репрессеш лайначу къаьмнийн Юкъараллан" куьйгалхочо Абадиев Тамерлана.

Гуш дара, къам лаьттар долуш дуйла, кхаьжнех хиллачух бакъдерг ма-дарра шайга схьадийццалц.

​Оцу юкъанна Инстаграмерчу шен агIонехь Евкуров Юнус-Бека хаамбира, ТАСС агенталло Iуьйранна аьллачу кепехь, депутатийн харжам бара и аьлла.

Цо бахарехь, хилла барт "ГIалгIайчоьнан интересашкахь ду" ишта "республика лулахошца машарца яхарехь" а пайде ду аьллера Евкуровс.

"Аш са а ма гатде, дика ойланаш хилийта, сихаллехь хIуммаъ а ма леладе", - аьлла, яздинера гIалгIайн куьйгалхочо.

Оцу информацица цхьана дийца даьккхира, нохчийн парламентан депутаташ тIетайна Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанаш хийцарна аьлла.

Магасехь гулделла адам дIасадоха дагахь дацара. Еаридийнахь доьалгIачу сахьтехь а лах ца беллера гулбелларш, мелхо а терахь десташ дара.

Гулбеллачарлахь лелаш информаци яра, кхаьжнийн протокол хIинца а тIечIагIдина дац аьлла. Ишта дуьйцура, халкъе кхайкхам кечбеш бу депутаташ, шаьш оцу бинчу бартна реза доцийла дIахаийта бохуш. Делахь а, и хаам мел бух болуш бу талла цкъачунна аьтто ца хилира "Кавказ.Реалии" порталан.

Москох беха гIалгIай даймахка бахка кечлуш бу, ГIалгIайчоьнан хилла президент Аушев Руслан а шен къомаца ву бохуш, даржадо социалан машанашкахь. Ишта хааме даьккхинера Магасера митинг къахко Iалашонца, тIеман ницкъаш бу тIеузуш аьлла.

Фейсбукерчу шен агIон тIе гIалгIайн новкъахь БТР-н сурт диллинера бакъонашларъярхочо Гусев Константина. Портале цо ша дийцарца, Бакун трасси тIехь даьккхина сурт дара и. Яккхийчу машенийн, БТР-ийн а колонна яра Нохчийчоь йолчу агIора ГIалгIайчу йогIуш.

Кху гIуллакхан чакхе муха хир ю хууш дац. Регионерчу "Яблоко" партин декъан куьйгалхочо Муцольгов Руслана аларехь, юха кхаьжнаш тасий, Евкуровга дарж охьадилла аьлла, тIедожийна гулбеллачара.

​Оцу юкъанна, эххар а комментари йити ГIалгIайчуьрчу ситуацех Кремло. ГIалгIайн юкъаралло Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире кхайкхамбинера, самсаяла герга йолу конфликт ерза тарло федералан Iедал юкъагIортахь аьлла.

Дозанаш билгалдахаран хаттар - "Субъектийн сацамаш" бу аьлла еаридийнахь президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс.

"Субъектийн тIегIанехь дийцарш ду уьш, федералан центре хаа а хоуьйтуш. Шеко йоцуш, дерриг а низамийн гурашкахь деш ду, шина махко дозанаш хийцар а цхьана", - аьлла Песковс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG