ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евкуровс Магасера митинг дIаерзор дехна цуьнан декъашхошка


Магас. 05ГIад2018.
Магас. 05ГIад2018.

Магасехь дIайоьдучу митингехь куьйгаш гулдан долийна, ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек даржера дIаваккхар Iалашо йолуш. "Эхо Москвы" радионо бинчу хаамца, цу акцехь пIераскан дийнахь дакъалоцуш вара 10 эзар сов стаг.

Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъара доза билгалдаккхарх лаьцна барт бинера цу шина республикан куьйгалхоша Гезгмашин-беттан 26-чохь. ГIалгIайн конституцин кхело реза йоцуш мах хадийна цу сацамна. Суьдхошна хетарехь, цу тайпа хаттарш кхоже дахка деза референдуме.

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Екуровс кхайкхам бина митинган декъашхошка, шайн-шайн цIа дIасадовла аьлла. И кхайкхам арахецна ГIалгIайчоьнан Iедалан сайта тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG