UFC латархо Макгрегор Конор терзантIе ваьлла, Нурмагомедов Хьабибца тасаваларе хьалха иза ша дан дезаш ма хиллара. Цо гайтина 70,03 кила. Цул хьалха Оьрсийчуьра спортхо а чекхвелира цу процедурех. Нурмагомедов ву 70,8 кила.
Нурмагомедов а, Макгрегор а лата везаш ву Лас-Вегасехь T-Mobile аренехь шотан сарахь (Соьлж-ГIалахь йолчу хенаца кIирандийнахь ГIадужу-беттан 7-чохь Iуьйранна 6 сахьт даьлча).