ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Магасера митинг дIасалалла дагахь дац ГIалгIайчоьнан Iедал


Магас.
Магас.

Магасехь митинге гулбеллачу нахана дуьхьал ницкъ боккхур бац, ткъа ша и акци низаман хорша йоккхур ю ГIалгIайчоьнан Iедалша. Цу кепара барт бина Iедалан а, юкъараллин а, муфтиятан а векалша. Цунах лаьцна хаам бина "Интерфаксо", митингехь цунах лаьцна дIахьедар динчу муфтиятан декъашхочунна Барахоев Ахьмадана тIе а тевжаш.

ГIалгIайн цхьаболчу депутаташа прокуратуре а, Талламан комитете а латкъам бина Нохчийчоьнца доза билгалдоккхуш бина барт къобул беш кхаж тасаран жамI харцхьадаьккхина аьлла.

Цара чIагIдарехь, дукхах болу депутаташ дуьхьал бара и документ тIеэцарна. Латтанаш цхьатеррачу барамехь хийцарх лаьцна низам тIечIагIдинера ГIалгIайчоьнан халкъан гуламан (парламент) декъашхоша ши де хьалха. Цул тIаьхьа цунна тIе куьг таIира Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а куьйгалхоша.

Евкуров Юнус-Бека а, Кадыров Рамзана а дехарш динехь а, дуьхьалонан акци дIаерзо дагахь дац шаьш бохуш, дIахьедарш деш бу Магасехь парламентана гергахь гулбелла нах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG