ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украино дIавеллачу Тумгоевна йиттина Оьрсийчохь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Украинин прокуратуро Оьрсийчоьне дIавеллачу гIалгIачунна Тумгоев Тимурана йиттина талламан изоляторе дIакхачош. И бахьана долуш жима стаг цхьадолчу декъана хилларг дага ца догIучу хьоле вьккхина. Цунах лаьцна хаам бина Кавказ.Реалиино, Швецерчу "Vayfond" гIо-накъасталлин юкъараллан белхахочунна тIе а тевжаш.

Цо дийцарехь, Тумгоевн гергарчу стага телефонехула къамел дина цуьнца, Патигорскерчу номер 2 йолчу талламан изоляторехь иза волуш. Цигара дIа Бури-гIала дIавигинчух тера ду Тумгоев. Гарехь, иза саготта ву шена набахтехь яьккха ехха хан тоха мегаш ю аьлла.

Хьалхо Оьрсийчоьнан инарлин прокуратуро хаам бинера Украинин Iедалшка, шайга дIавелла Тумгоев Белгородерчу номер 3 йолчу талламан изоляторехь ву аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG