ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Макгрегор эшийна Нурмагомедовс


Нурмагомедов Хабиб.
Нурмагомедов Хабиб.

Нурмагомедов Хабиба эшийна Макгрегор Конор Лас-Вегасехь хиллачу UFC латарехь. ЙоьалгIачу раундехь цо садукъочу кепехь лецира ирландхо.

Латар дIадирзинчул тIаьхьа йоццучу хенахь тасаелира Магомедовн а, Макгрегоран а тобанаш. Леташ берш дIасабехира сихха юкъалилхинчу хадархоша а, оцу сарахь леташ хиллачу кхечу спортхоша а.

И бахьана долуш ца хилира чемпионера октагонехь интервью эцар а, чемпионан доьхка гайтар а.

Макгрегорх латарна Магомедовна лур ду, цхьаболчу хаамашца, 2 миллион доллар. Ткъа ирландохочунна лур долчу ахчанан барам хир бу 3 миллион доллар.

XS
SM
MD
LG