ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лас-Вегасан полицино дIахецна Нурмагомедовн тобанера кхо стаг


Уайт Дэйна.
Уайт Дэйна.

Нурмагомедов Хьабиба толам баьккхина Макгрегор Корона тIехь UFC 229 коьртачу латарехь. Тасадалар чекхдаьлча иза летта Макгрегоран спарринг-партнерца. Оццу хенахь цуьнан накъост Тухугов Зубайра тIелетта октогонехь лаьттачу Макгрегорна.

Цул тIаьхьа Нурмагомедовн накъостех 3 стаг лецира полицино. Амма хье ца луш уьш дIахецна, Макгрегорна уьш бехке бан ца лаар бахьана долуш.

Цунах лаьцна журналисташка хаам бина UFC президенто Уайт Дэйна. «Хьабибан тобанера кто стаг дIахецна (цуьнан тобанера бу аьлла хета суна уьш), Конорна царна бехк билла ца лаарна", - аьлла Уайта зорбанан конференцехь, хаам бо Sport.ua сайто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG