ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха кхаж тасар хир дац ГIалгIайчохь


Магасера митинг.
Магасера митинг.

ГIалгIайчоьнан Iедалан векалша харцдина кху беттан 8-чохь республикан парламентехь юха а кхоже дуьллур ду Нохчийчоьнца доза билгалдоккхуш бинчу бартана ратификаци яр бохург.

Барт хийцийта гIерташ бу Магасехь митинге гулбелла меттигера бахархой. Шотан дийнахь ГIалгIайчоьнан парламенто юха а кхоже дуьллур ду Нохчийчоьнца доза билгалдоккхуш бина барт тIечIагIбеш ша тIеэцна низам аьлла, Магасерчу митингехь дIахьедар динарг вара гIалгIайн депутат Ахильгов Сет-Селим. Цунах лаьцна хаам бинера "Интерфакс" агенталло.

Депутато чIагIдора, дозанах лаьцначу бартана ратификаци еш дIадаьхьначу кхаж тасаран жамI юхадаьккхина ГIалгIайчоьнан Халкъан гуламо (парламенто) бохуш. Амма кIирандийнахь республикан куьйгалхочуьнан векло а, ткъа иштта парламентан вице-спикеро а харц бина и хаам, яздо "Кавказский узело".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG