ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сенцов Олег маьршаваккхар тIедожийна Евроберто


145 дийнахь мацалла хьегна Украинан режиссер Сенцов Олег колонера ара а ваккхий, цунна оьшу лоьрийн дарба кхачаде аьлла, Оьрсийчоьне кхайкхамбина Европан Кхеташоно. Динчу дIахьедарехь иштта маьршабаха тIеэгийна Оьрсийчохь а, аннекси йинчу ГIирмехь а бехк боцуш чохь латто Украинан бахархой а.

Украинхойн режиссеро шен мацаллин протестехь гайти "майралла, чIагIалла, шен са цакхоор", - яздо дIахьедарехь. Нагахь кхачо йоллуш Сенцовна медицинан гIо ца кхачадахь, жоьпалла Оьрсийчоьнна тIехь дуьту цара.

Дахначу шоьтадийнахь дуьйнна ша мацалла юхайоккхуш ю, оьрсийн Iедалхой бертаза шена хIума яо гIерта аьллера Сенцовс.

УФСИН-ан (таIзарш кхочушдаран системан федералан урхалла) куьйгалхочун гIовса "Известия" газете бинчу хаамца, Сенцовн могушаллина тIехь терго латтош ю лоьраша.

"Набахтерчу шен дахарх а, тутмакхех а" ша яккха дагахь волчу кинон сценари язъъян волавелла иза аьлла цо.

Оьрсийчоьно набахтехь даккха 20 шо хан кхайкхийна Сенцов Олегна, аннекси йинчу ГIирмехь теракташ кечдеш хилла иза аьлла, бехкевина. Сенцовс бекх тIе ца лоцу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG