Омскерчу лоьмар 6 йолчу колонехь летарш хиллачул тIаьхьа дарбан хIусаме кхачийна 4 стаг, амбулаторан гIо кхачийна кхин а масийтта тутмакхна, - хаамбо "Интерфакс" агенталло, кIоштарчу омбудсменан Касьянова Иринин хаамна тIе а тевжаш. Цо иштта дIахьедина, дов долийна аьлла, бехкевина 12 гергга тутмакх СИЗО дIахьажорах а.
Хьалхо дийцаредаьккхинера, Талламан комитето бехкзуламан гIуллакх диллина бохуш. Хилларг ма дарра зен а зуьйш, бехкенаш билгалбохуш бу аьлла, хаамбина Омскан кIоштарчу Талламан комитетан пресс-гIуллакххоша.
Шоьтан буса дуьйнна йоьхнера Омскерчу набахтехь къепе. УФСИН-ан (таIзарш кхочушдаран системан федералан урхалла) официалан версица, тутмакхаша дуьхьало йина хиллера тобанашкара арадийла, шайна хIоттийна раж дIамалъяр доьхуш. Оцу юкъанна вовшахтасабелла протестан агIончаш а, дуьхьалончаш а. КIирандийнахь гоне ерзийнера набахте, тIеоьзнера спецназан дакъа а. ЧIагIдо, цул тIаьхьа бунт сацийра тутмакхаша, я царна тIехь ницкъ а ца бина бохуш.
Ткъа хIинца болчу хаамашца, колонера хьал тергонехь латтош ду администрацино. Шайна тIехь ницкъбо, етта а етта, аьшнашдо шаьш бохуш, шайга латкъамаш бинера тутмакхаша бохуш, дийцира бакъонашларъярхоша а, журналисташа а. Церан латкъам бахьана долуш гIаьттинера и бунт а аьлла, тешна ду меттигера зорбанаш а.
Шаьш чохь латточу баракан корах кехат тоьхнера тутмакхаша, орца доьхуш. Колонин кетIахь гулбелла хиллачу тутмакхийн гергарчу нахах цхьаберш полицино дIалецнера.