ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Китайн Iедалхоша коррупцица воьзна ву аьлла Интерполан хилла президент


Интерполан хилла президент Хунвэй Мэн

Интерполан урхаллехь лаьттина Хунвэй Мэн коррупци лелош хилла аьлла, шеконаш кхоллаелла Китайн Iедалхойн. Пачхьалкхан юкъараллан кхерамзаллан министралло оршотдийнахь даржийначу дIахьедарехь дуьйцу цунах, хаамбо CNN телеканало. Бехкаш дахкар доьзна ду Китайхь куьйгаллин даржашкахь цо бинчу белхашца.

Хьалхо Интерполо хаамбира, кIирандийнахь Хунвэй Мэна дарж охьадуьллуш, кехат чуделла аьлла. Байначу беттан 25-чу дийнахь Китайхь кеманчуьра охьавуссучу заманчохь дIалаьцнера иза. Хунвэйн хIусамнанас хаамбарца, "ас телефон тохаре хьежалахь" аьлла, кост кхаьчна цIийндегара кхуьнан телефон тIе, тIаьхьо кхераме хьал хилар хоуьйтуш, "уьрсан" смайлик яийтинера шега, цул тIаьхьа зIе хедира аьлла, дийцина цо.

Китайн юкъараллан кхерамзаллан министран гIовс лаьттина ву Хунвэй Мэн хьалхо. 2016-чу шарахь Интерполан хьалханча вира цунах.

Ханна Интерполан куьйгалле хIоттийна кху некъахь вице-президент Ян Ким Чон. Лахьан-беттан 18-21-чу а деношкахь Дубайхь, оцу дуьненаюкъарчу полисхойн организацин инарла ассамблейхь президент хоржур ву.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG